✅ - Вовше Дезар
⭕⭕⭕
Xьажи къайла ва ваьлла 
Шозала шо гулделла 
Де мел дели Хьажи болх 
Ша совбуьйлуш чIагIлуш бу (х2)
➖
Хьажи нана кхелхина 
Дукха зама дIайаьлла
Цуьнна тезет ца хедаш 
Тахан лера де кхаьчна 
➖
И бакъ цадеш волчуьнга 
Эртан воли хьаж ала 
ТIаккха цуьнна хуур ду 
Хьаж Iаламан Устаз вуй (x2)
➖
Хьажи къайла ва волуш 
Цуьнги хаьттин хиллера
Хьуна тхоьгар дезариг 
ХIу ду дийцахьа аьлла 
➖
Хьуна тхоьгар цадезариг 
ХIу ду дийцахьа аьлчи 
Шена вайгар дезариг 
Хьажис эццехь дийцира (х2)
➖
Шена шуьгар дезариг 
Шу вовшеxa дезар ду
Шена шуьгар цадезариг 
Шу вовшеx цадезар ду 
➖
Шу вовшеxa дезаро
Шу вовшеха дашаро 
Шена бала бай бокха 
Къобулвина ва бериш (х2)
➖
Вовше дезаш хиллийша 
Вовше сакхташ диттийша 
И вай Дели-Пайхамар
Хьехавелаш даиман 
➖
ЛаилахIа-иллаллахI 
Даимана бахалаш 
Дуккху баьхна делир бохуш 
Зама йогIур ю шунна (х2)
➖
Вай догIмашна хьалхара 
Балийна юкъ йихкина 
Вахана лелаш волчунна 
Ойла е вай вежарий 
➖
Оцу Хункур ва махкахь 
ДегIистанах ва хьоьгуш 
ГIийла лелла цун доьзул 
Дагалаца хьовсий вай (x2)
⭕⭕⭕