✅ - Къадари
⭕⭕⭕
Аллахl Дели айхьа хестош зикру ду хьо Къадари
➖
Хьайна лакхехь лакхе йоцуш лекхи ду хьо Къадари 
➖
Хьайла сийлахь кхи хlум доцуш сийлахь ду хьо Къадари 
➖
Вай кхоьллина Аллахl Дели ахь хьехаво Къадари
➖
Хьайла сийлахь кхи хlум доцуш сийлахь ду хьо Къадари 
➖
Вай кхоьллина Аллахl Дели ахь хьехаво Къадари
➖
Ниlматашца вай кхобуш верг ахь хеставо Къадари 
➖
Вай кхоьллина кхалхон вериг ахь хьехаво Къадари 
➖
Аллахl lулиллахl аьлла хьо кхайкхина Къадари 
➖
Хьа эшир дlахезна бериш ахь гlовтина Къадари
➖
Аллахl lулиллахl аьлла хьо кхайкхина Къадари 
➖
Хьа эшир дlахезна бериш ахь гlовтина Къадари
➖
Хьа эшир дlахезна бериш ахь ловзабо Къадари 
➖
Мел дукх дийцчи кlорда ца деш чам бу-кха хьо Къадари 
➖
Мел дезарх кхачо йоцуш мерзи ду хьо Къадари 
➖
Моссу мулкаш хьайх чакххьоьжуш мулк ю-кха хьо Къадари 
➖
Мел дукх дезарх кхордор доцуш мерзи ду хьо Къадари 
➖
Моссу мулкаш хьайх чакххьоьжуш мулк ю-кха хьо Къадари
➖
Кху дуьнена бала беъчи орцу ду хьо Къадари 
➖
Кху дуьнена гlайгlа еъчи уллехь ду хьо Къадари 
➖
Дуьне дицдеш Эхирт тадеш lамал ю хьо Къадари 
➖
Дели кхайкха ахь lамаво Дели дези Къадари
➖
Дуьне дицдеш Эхирт тадеш lамал ю хьо Къадари 
➖
Дели кхайкха ахь lамаво Дели дези Къадари
➖
Дела сийлахь lарша гонахь хьо ловзош ду Къадари 
➖
Дела сийлахь малейкаш хьо ловзош ду Къадари
➖
Иблис кlило ахь йохайо Дела дези Къадари
➖
Шайтlан шахьар ахь йохайо Дели дези Къадари
➖
lеси ойла ахь йохайо 
Лаиллахьа илаллахь 
➖
Дели кхейкха ахь ама во 
Лаиллахьа илаллахь 
➖
Дели хьастор ахь ама во 
Лаиллахьа илаллахь 
➖
Ахь вай Дели велхавора
Лаиллахьа илаллахь 
➖
Дели кхейкха амавора 
Лаиллахьа илаллахь 
⭕⭕⭕