• А
  • Б
  • В
  • Г
  • Д
  • Е
  • Ж
  • З
  • И
  • К
  • Л
  • М
  • Н
  • О
  • П
  • Р
  • С
  • Т
  • У
  • Ф
  • Х
  • Ц
  • Ч
  • Ш
  • Э
  • Ю
  • Я
  • A
  • B
  • C
  • D
  • E
  • F
  • G
  • H
  • I
  • J
  • K
  • L
  • M
  • N
  • O
  • P
  • Q
  • R
  • S
  • T
  • U
  • V
  • W
  • X
  • Y
  • Z
  • #
  • Текст песни Халид - Хьажи ва ше воша Хьажи

    Исполнитель: Халид
    Название песни: Хьажи ва ше воша Хьажи
    Дата добавления: 27.05.2016 | 17:15:58
    Просмотров: 49
    0 чел. считают текст песни верным
    0 чел. считают текст песни неверным
    Тут расположен текст песни (слова песни) Халид - Хьажи ва ше воша Хьажи, перевод и видео (клип).
    ✅ - Хьажи ва ше воша Хьажи

    ⭕⭕⭕

    – Хьажи, ва ше воша Хьажи!

    Хьо жинашца тайна хьо тила

    лела бохуш, ма чIогIу ша хьийза

    во-кх, дегIистанарчу Iаьлима-

    молланаш, ше ваша Хьажи.

    – Дела рези хилла, ше ваша

    Мовсар хьуна! Дала азулехь Ше

    цIарах цIе хIоьттина, Ше нурах

    делла, и Дела салам хилариг и

    Дела Элчи кхоьллира хьуна, ше

    ваша Мовсар. Жала азулехь

    Ше гIийли дегI кхоьллина

    ваьллачул тIехьи, и ЛовхIал-

    Махфуз кхоьллира хьуна. Оцу

    Ловхал-Махфузе хьажа, хьа

    гIийли ваша вахара хьуна, Дала

    Ловхал-Махфузехь цхьа йокху

    хазна карийна, цу хазний

    тоьлехьа долуш, ерlалаллахl

    IулиллахI боху чехка зикру

    дохьуш, хьа гIийли ваша веара

    хьуна, ше ваша Мовсар. Мовсар

    оцу дегIистанар чу Iаьлим наха

    ша гIалат во хьоьги, ша

    жинашца тайна, тилла воьду

    боху-кх хьоьги. Дала Адам-

    Пайхамара Зуриятах йолуш,

    тайпана Къурайши, ИбрахIим-

    Пайхамара миллатах йолуш,

    вай Делаха хоттаелла цхьа

    миски тобу йогIуш ю хьуна. Оцу

    тобунци хьа ваша тайна ву

    хьуна, ше ваша Мовсар. Мовсар

    оцу вай Дала ша, Овлияаш,

    Шайхаш диване дIагулле, аьлла,

    вай Делера кхайкхар деара

    хьуна, Дели Овлияаш, Шайхаш,

    вай Дели диване дIагулбелир

    хьуна, ше ваша Мовсар. Мовсар

    оцу вай Дала Ша, Шена гергара

    цхьа кIезиг бала гучу баькхира

    хьуна, и бала ла ца белла, оцу

    балина кхерабелла, ламани

    Шайхий синош ламана боьдуне

    хьалхина, арени Шайхий синош

    аренашка хьалхина, Дала

    кховдиначу балина кIел хьа

    гIийли ваша сецир хьуна, ше

    ваша Мовсар. Мовсар и кхана

    догIур ду бохуш долу и къемата

    докху де догIур ду хьуна, и Дели

    салам хилариг и Дела Элчи цу

    махьшар ара вогIур ву хьуна,

    шена тIехьа йозучу мискичу

    тобунци, цу Дела Элчана

    байракхкIел хьа гIийли ваша

    вогIур ву хьуна. «Марша

    вогIийла хьо Киши воI»,

    бохуш, цу Дела Элчано хьа

    гIийличу веше пхье бIаь

    шарахь маршалла хоьттур ду

    хьуна, ше ваша Мовсар. Мовсар

    и кхана догIур ду бохуш долу, и

    къемата докху де догIур ду

    хьуна! Дала Ше некъаш хедина

    тобу, цу махьшар ара ялор ю

    хьуна! Дала и тобу Iаламана

    хьалха хIоттина, дуьнен тIаьхь

    йокхучу замангахь Шена дукху

    ваьзначу Вели некъаш хедийна

    тобу ю ер, бохуш, Дала

    Маликашка эз-эзир Iазапаш

    долуьйтуш, байтамалийца и

    тобу елхор ю хьуна, ше ваша

    Мовсар. Мовсар и кхaна догIур

    ду бохуш долу и къемата докху

    де догIур ду хьуна, Шена тIехьа

    йогIучу тобунци, цу Дела

    луларчу хlусаме вай гIуриг ду

    хьуна. «Марша йагIийла хьо

    Шена дукху везначу Вели

    миски тобу», бохуш. Дала

    хьолуни, мюриди керти тlа

    паччахьали таж туьллурду

    хьуна, Дала Ше къинхетами куьг

    мюридий керти тIа хьоькхуш,

    эзи-эзир шарнишка и тобу Ше

    лулахь хьостур ю хьуна, ше

    ваша Мовсар. Азалехь Делаци,

    цу Дела Элчанци хьа гIийличу

    веши хIоттаделла гергало

    иштти ду хьуна! Цу Делаци, Дела

    Элчанци хьа гIийличу вашас

    бина мах иштти бу хьуна!

    ⭕⭕⭕
    Опрос: Верный ли текст песни?
    ДаНет