Сан хьомениг, хьуна ца хаьа
Сан дагчу бахна безам
Хьо схьа хьаьжчи дог ца сацло
Хьо схьа хьаьжчи карзах долу
Хаац сунам сайн х1у хилла
Ойланаш еш буьйса йоьда
1уьйре хиллалц наб ца кхета
Хьо гаре сатуьйсу ас.
Припев:
Йола суна-1уьйре санна
Йола суна-.дог1а санна
Йола г1енах, буса йола хьо.
Йола суна-б1аьсте санна
Йола суна-гуьйре санна
Седа санна стиглахь лепа хьо.
Зезаг санна лепа суна
Хьо схьа хьаьжчи корт д1а боьда
1аьржа б1аьргаш 1еха вина
Хьера ваьккхи жима к1ант.
Хаац сунам сайн х1у дийр ду
Ойланаш еш буьйса йоьду
1уьйре хилалц наб ца кхета
Хьо гаре сатуьйсу ас.
Припев: 2 раза
Йола суна-1уьйре санна
Йола суна-.дог1а санна
Йола г1енах буса йола хьо.
Йола суна-б1аьсте санна
Йола суна-гуьйре санна
Седа санна стиглахь лепа хьо!